Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». ТІаккха Маннаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен паччахьан цІерачу бешахь дІавоьллира. И беш Іузин беш яра. Маннашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Амин. ТІаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хІаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кІант Юши-ЯхІу, паччахь а вина, дІахІоттийра. Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гІаларчу Іади-ЯхІун йоІ яра. Юши-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хІуманна тІехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза. Юши-ЯхІу-паччахьо олалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кІентан Ацал-ЯхІун кІант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цІийне. Паччахьо элира: «Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а гІой, Везачу Элан цІийнан кевнехь лаьтташ болчу гІаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. И ахча Везачу Элан цІенна тІехь болх беш болчу белхалошна тІехьовсучу нехан кара дІадала деза. Ткъа цара дІадекъа деза и ахча Везачу Элан цІа тодеш болчарна: дечиг пхьерашна а, гІишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тІулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цІа тодархьама. Шаьш оцу белхалошна дІалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хІунда аьлча царах теша мегар ду». Динан да волчу Хьалкхи-ЯхІус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цІа чохь». Хьалкхи-ЯхІус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дІадийшира. Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цІенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цІа тодеш белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн кара дІаделла». ТІаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. Товрат-хьехамийн тептар тІера дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: «Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. Хьулдата цаьрга элира: «ХІара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тІехьажийначу стаге хІара дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тІе, яхІудхойн паччахьо дешна долчу тептар тІера дерриг а дешнаш тІехь ма-хиллара. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхІудхойн паччахье аша дІаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Аса кху меттигна тІебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тІедаьхьира и жоп. Юши-ЯхІу-паччахьо ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а берриге а къаной схьагулбайтира. Паччахь Везачу Элан цІийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхІуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тІекхаччалц. ТІаккха паччахьо Везачу Элан цІенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тІера дерриге а дешнаш дІадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дІа а хозуьйтуш. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цІийнан кертарчу гІаролашка а, оцу кертахь цІу-деланашка БаІална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Іамал еш дІахІоттийна мел йолу хІума араяккха аьлла. Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриг хІуманаш Ярушалайм-гІалина арахьа йолчу Кхидрун-тогІи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гІала дІабаьхьира. ЯхІудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогІу хІума ягайора БаІал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхІу-паччахьо дІабехира ЯхІуд-мехкан массо гІаланийн а, Ярушалайм-гІалина гонах мел йолчу меттигийн а сагІа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогІу хІума яго яхІудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Цул тІаьхьа Юши-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь лаьтташ болчу цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цІенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цІунна Іамал ечу хенахь тІеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) Юши-ЯхІу-паччахьо массо динан дай, ЯхІуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гІали чубехира. Берриге а ЯхІуд-махкахь – ГибаІ-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц – динан дайша тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхІу-паччахьо иштта гІалин кевнна уллохь болчу газа-цІушна лерина болу сагІа доккху гу бохабайтира. ГІалин хьаькам хиллачу ЮшаІан кевнехь чуволлучохь, гІалин кевнан аьрру агІор, бара и гу. Ткъа, хьалха цІушна Іамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана хІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна. Юши-ЯхІу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХІинам-тогІи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кІант я йоІ цигахь Мулка-цІунна лерина цІерах чекх ца бахийтархьама. ДІаяханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша говраш а, гІудалкхаш а хІиттайора Везачу Элан цІийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цІенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гІудалкхаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо и говраш цигара дІаяхийтира, ткъа гІудалкхаш ягаяйтира. Яханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша Ахьазан цІенойн тІехула долчу цІийнан тхов тІе тІулгех сагІа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь сагІа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриге сагІа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогІи чу кхиссийтира. Ярушалайм-гІалина малхбалехь болу а, ХІаллакдаран ломана къилбехь болу а сагІа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхІу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дІахІиттийнера цІаданхоша Іамал еш йолчу дегазчу Іаштарт-цІунна а, муабахоша Іамал еш волчу боьхачу Камош-цІунна а, Іамминхоша Іамал еш волчу дегазчу МилкІом-цІунна а лерина. Юши-ЯхІу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, дІадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьІахкех юьзира. Иштта кхин а Юши-ЯхІу-паччахьо бохийна дІабаьккхира Бетал-гІалахь болу сагІа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатІан кІанта ЯрбаІама цигахь, сагІа доккхучу гу тІехь, дІахІоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хІума ягийна дІаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бІогІам а тІехь. Йисина хІуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. Цо хаьттира: «И хІун чурт ду суна гуш дерг?» Цу гІаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхІуд-махкара вогІуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хІинца Бетал-гІалин сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера». Юши-ЯхІу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьІахкаш цхьаммо а ма хьае». ТІаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогІуш хиллачу пайхамаран а даьІахкаш. Иштта, Юши-ЯхІу-паччахьо Шамран-махкарчу гІаланашкахь сагІа доккхучу гунаш тІехь дІахІиттийна цІу-деланийн цІенош а дохадайтира. Веза Эла чІогІа оьгІазвахнера цу кеппара долу цІенош исраилхойн паччахьаша дІахІиттадарна. Ша Бетал-гІалахь диннарг оцу гунаш тІехь йолчу сагІа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхІу-паччахьо. Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхІу-паччахьо байина дІабахийтира. ТІаккха адамийн даьІахкаш цу сагІа доккхучу меттигашна тІехь ягийра. Ткъа иштта Іамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхІу-паччахь. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тІехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де». Исраилан халкъана тІехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн деношна тІекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. Юши-ЯхІус паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гІалахь даздира. Юши-ЯхІу-паччахьо хІаллакбира ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тІедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цІахь болу цІуш а, кхиболу цІуш а, массо а кхидолу дегаза хІуманаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цІа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхІуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тІера тІедехкинарш кхочушдархьама. Юши-ЯхІу-паччахьал хьалха я цул тІаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тІевирзина верг, массо а хІуманна тІехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг. Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хІуманаш бахьана долуш, Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтинера. ХІинца а ЯхІудан халкъана оьгІазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. Везачу Эло элира: «Ас ЯхІудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хІара Сан цІа а, Ас шех лаьцна: „Сан цІе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дІатоттур ду Ас Сайна хьалхара». Юши-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Юши-ЯхІус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирІун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гІо дархьама. Юши-ЯхІу-паччахь пирІунна дуьхьал тІом бан аравелла хилла. Ткъа пирІуно, МагІидда-гІалахь шена Юши-ЯхІу гича, иза вийна. ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. «ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга.
Выбор основного перевода