Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирІунна тІеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?» ТІаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХІинца Хьоьца къамел динчул тІаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац». Ткъа хІинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дІахІоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хІинца а бер санна ву. Сан хІинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». ТІаккха цхьа сирап-малик суна тІедеара. Морзахца сагІа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кІега бара цуьнан карахь. КІега сан бетах а Іоьттина, цо элира: «ХІара хьан бетах хьакхабелла, хІинца хьан бехк дІа а баьккхина, хьан къиношна гечдина». Юха суна Хьалдолчу Элан аз хезира. Цо бохура: «Мила вахийта Ас? Мила гІур ву Вайн дуьхьа?» ТІаккха ас элира: «Со кийча ву! Со вахийтахьа».
Выбор основного перевода