Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а». «Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.
Выбор основного перевода