Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахІатхошна еллера: ГибаІ-гІала, Іаламат-гІала, Іанатот-гІала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гІаланаш ерриг а кхойтта хилла. Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю. ТІаккха Веза Эла со вен гІерташ болчу Іанатот-гІаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цІарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо». Аса бохам бийр бу Іанатот-гІаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац». „Хьан ден вешин Шалуман кІант Хьанамиал хьо волчу вогІуш ву хьоьга дІаала: ‘Соьгара Іанатот-гІалахь долу сан кха хьайна дІаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“». Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла. Аса Іанатот-гІалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхІитта шекхал дети а делира. Ярми-ЯхІу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дІаваха хІоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.
Выбор основного перевода