Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Хьан тоьлла йолу тогІеш гІудалкхех юьзна а ю, кевнна дуьхьал лаьтташ дошлой а бу. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гІалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кІоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тІеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тІеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара.
Выбор основного перевода