Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду. ТІаккха церан цІенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дІалур бу. Аса Сайн куьг тІедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таІзар дархьама, – боху Везачу Эло. – ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гІала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду. Даладе аьрхачу Исраилан халкъана хІара хьекъале дустар, дІаала цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Яй цІерана тІе а хІоттабай, цу чу дуьззина хи дотта. Цо соьга хаьттира: «ХІун го хьуна?» – аьлла. Ас жоп делира: «Берриг а деших бина болу стогар а, цунна тІехула зайтдаьттанна дІахІоттийна кад а, цунна тІехь болу ворхІ къуьда а, цунна тІехь болчу къуьданийн ворхІ-ворхІ милт чухІотто меттиг а.
Выбор основного перевода