Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха». Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, кхана хІоккху хенахь исраилхошка хІаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гІудалкхаш а ягае». Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а». Цкъа буьйсанна ПахІална сурт хІоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Іе! ХІунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гІалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла. Цхьана шарахь эха шарахь Іийра цигахь ПахІал, нахана Делан дош хьоьхуш. Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахІал, схьа а лаьцна, цунна тІе кхеле валийра. Цара бохура: «ХІокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гІуллакх вайн Іедалца догІуш дац». ПахІал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогІа. Амма дерриг а гІуллакх дешнашца а, цІерашца а, шун Іедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гІуллакха тІехь кхелахо хила ца лаьа». Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра. ТІаккха цара, гуламан цІийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цІийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан. Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна. Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Іе аьлла, амма иза реза ца хилира.
Выбор основного перевода