Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. Ялта цІандаллал тІех чІогІа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХІинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!» Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, Цунна тІе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дІатуху, охьа ца дожийта. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац». Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. Цара Со а витина, хІара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хІума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхІудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагІанаш дохура. ХІара меттиг бехк боцучеран цІийца юьзира цара. Кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитта, царна Іамал ярхьама а, Іибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгІаз. ТІаккха Аса зен дийр дац шуна“. Амма аша Соьга ла ца дуьйгІира, – боху Везачу Эло. – Шайн куьйгаша дина гІуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгІаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора. Цара эсанан суьртехь цІу а вина, цунна сагІа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гІуллакхна деза де хІоттийра.
Выбор основного перевода