Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду. ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. Хьажал Ярушалайм, хьайн бІаьргаш дІахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагІий тІебогІуш бу! Іалашдан хьоьга дІаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагІий мичахь ду?
Выбор основного перевода