Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Хьалдолчу Эло Суна гІо дарна, Суна эхь хетар дац. Цундела Ас Сайн юьхь, мокхаз санна, латтайо. Суна хаьа, Со юьхьІаьржачу хІуттур воцийла. Везачу Эло соьга элира: «Сайн къомана юккъехь дІахІоттийнера Аса хьо, Ярми-ЯхІу, ахь Сайн къам, дети санна, зерхьама. Аса хьо гІап санна вира, хьоьга Сайн къоман некъаш таллийта, уьш муха бу хьажийта. Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чІогІа дог долуш а вина, дІахІоттор ву. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».
Выбор основного перевода