Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Хьох къайла ца делира сан даьІахкийн хІоттар, со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш. Хьан бІаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тІехь дІаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале. Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. ЛадогІа соьга, хІордан йистера долу къаьмнаш, ладогІа, генахь Іаш долу халкъаш! Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тІекхайкхина Со, ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цІе тиллина Цо. Ткъа хІинца Шен Ялхо хила а, Якъубан тІаьхье Шена юхаерзорхьама а, Исраилан халкъ Шена тІе схьагулдайтархьама а кийрахь дуьйна Со винчу Везачу Эло боху – Везачу Элан бІаьргашкахь Сан сийдийр ду, ткъа Сан ницкъ Сан Делера бу. – Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца,
Выбор основного перевода