Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.) Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу цхьайтталгІачу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІачу дийнахь гІалин пенех мостагІаша Іуьрг даьккхира. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.
Выбор основного перевода