Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ДІаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дІадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хІаллакдайта а, цунна тІе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахІиттадайта а, лаьтта тІе дІадогІийта а, – боху Везачу Эло. – Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе. Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
Выбор основного перевода