Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Іаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхІус, цу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІа а даьхна, ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хІокху кхерчана хьалха бен Іибадат ма де’. Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гІо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тІе ховшо береш карор барий хьуна? Сан олахочун уггар кІезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гІерта хьо, Мисар-махко хьайна тІеман гІудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Іаш хилча? Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тІе вогІур варий со иза хІаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гІой, хІокху махкана тІе а латий, иза хІаллакбе’“». ‘Везачу Эло вай кІелхьар а дохур ду, и гІала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхІуга ле ма дайта. Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен долахь йолчу гІу чуьра хи а молийла, аса, ван а веана, шена тІехь кІа а, чагІар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тІе шаьш дІадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кІелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхІуга ла ма догІа. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева олучу гІаланийн деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“» Ахьазе ала: „Ларло, амма синтеме хила, кхера а ма кхера, хьайн дог а ма дохаде, и сийсина догуш долу ши дечиг бахьана долуш – Рицан шен арамхошца а, Рамли-ЯхІун кІант а оьгІазвахана дела.
Выбор основного перевода