Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“». ТІаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а хІаллакбира цо. Санхьариб, юьхьІаьржачу а хІоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цІа чу ваьлча, цуьнан шен тІаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза. Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тІе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хІунда аьлча тхо а ду шун Далла Іамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагІанаш дохуш ду».
Выбор основного перевода