Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. ХІинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кІелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кІелхьарвоккхучу куьйгаца. Ашурхойн паччахьан мел йолу хьаннаш а, бошмаш а, доь ца дуьтуш, хІаллакйийр ю Цо. Вала воллу стаг гІелваларх тера хир ду иза.
Выбор основного перевода