Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина! Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина. Массо а хІуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду! Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Иштта боху Везачу Эло, Исраилан халкъан Паччахьо а, и халкъ ПаргІатдоккхучо а, массо а ницкъийн Везачу Эло: «Со Дуьххьарлерниг а, ТІаьххьарлераниг а ву, Со воцург, кхин Дела вац. Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгІазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгІазалла къаьмнашка ла а ца ло. Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чІагІдина, Шен хьекъалца лаьтта тІехула стигалш яржийна.
Выбор основного перевода