Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан стага, Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дІалур ю. ТІаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“». Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гІали чу вогІур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац. ТІаккха Сан юьхь-дуьхьал хІотта мила ву? Амма Аса хьан мочхалех мІара а тесна, хьан пелагашна тІе хьан хиш чуьра чІерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тІелеттачу чІерашца цхьаьна. Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш.
Выбор основного перевода