Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта кІелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхІу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агІор паргІато а елира царна. ТІаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгІаташ а, яхІудхойн паччахьна еза хІуманаш а еара. Цул тІаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхІун сий. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тІаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тІе боьрзур бу. ХІордан гІум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тІе боьрзур бац. Халкъ хІаллакдан сацам бина, нийса таІзар къомана тІехдер ду.
Выбор основного перевода