Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хІинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кІентан карара дІайоккхур ю Ас и пачхьалкх. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тІетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хІара гІала’“». Олхазарш, шайн кІорнеш ларъярхьама, бенашна тІехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гІала ларйийр ю. Цо и гІала, дІа а къевлина, кІелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргІатйоккхур ю Цо».
Выбор основного перевода