Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама». Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дІахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тІедерзош хилар а хІокху нахана хаийтархьама». Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац! Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина! Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь! Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина! Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина. Массо а хІуманна дахар а делла. Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду! ЮьхьІаьржачу а хІиттина, боьхна лелийла уьш гуттар а, эхь а доьссина, хІаллакьхуьлийла уьш. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац.
Выбор основного перевода