Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Сан Дела! Хьан бІаьргаш а хуьлийла дІабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доІанашна. Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргІатваккхахьа. Сан Дела! ДІахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бІаьргаш дІа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цІе йоккхуш йолчу гІалане а, хІунда аьлча тхайн доІанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш.
Выбор основного перевода