Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. ТІаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а хІаллакбира цо. Санхьариб, юьхьІаьржачу а хІоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цІа чу ваьлча, цуьнан шен тІаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза. ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира.
Выбор основного перевода