Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». ЕшаІ-ЯхІус цаьрга элира: «ДІаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг! ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш.
Выбор основного перевода