Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а, доІа а дина, оцу гІуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. ТІаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а хІаллакбира цо. Санхьариб, юьхьІаьржачу а хІоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цІа чу ваьлча, цуьнан шен тІаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза. Иштта кІелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхІу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агІор паргІато а елира царна. Шена и хабар ма-хеззи, шен тІехулара бедарш а этІийна, сингаттаман духар тІе а дуьйхина, Везачу Элан цІа долчу вахара Хьузакх-ЯхІу. Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо. Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, ткъа и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Хьузакх-ЯхІу-паччахьан ялхой шена тІе баьхкича, ЕшаІ-ЯхІус цаьрга элира: «ДІаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“». Ашурхойн паччахь Лахиш-гІалара дІавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дІавахара. Цунна шен паччахь Либна-гІалина дуьхьал тІом беш карийра. ТІаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхІакъа шена тІелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна тІе, цуьнга дІаала: «Хьан дегайовхо шех йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга аьлча: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дІалур яц“. Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хІун дина, уьш хІаллак а деш? Ткъа хьо кІелхьарвоккхур ву ткъа? Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева а цІераш йолчу гІаланийн паччахьаш?» Хьузакх-ЯхІус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТІаккха, Везачу Элан цІийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Дела волу массо а ницкъийн Веза Эла! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга. Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и къаьмнаш хІаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, церан цІу-деланаш цІерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. ХІинца, тхан Веза Дела, кІелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгах, тІаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла». Амосан кІанта ЕшаІ-ЯхІус Хьузакх-ЯхІуга хабар дахьийтира: «Исраилан Везачу Дала боху: „Ахь Соьга ашурхойн паччахьах Санхьарибах лаьцна доІа дарна, хІара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг, Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду. Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а? Хьанна дуьхьал аз айдина ахь, Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина? Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо! Веза Эла емал а веш, хьайн геланчашкахула ахьа бохура: ‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца ломан лакхенашка хьалаваьлла со, Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе. Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а, тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса. Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а, къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со. Хийрачу мехкашкахь гІунаш схьа а йостуш, царна чуьра хи мийлина аса. Сайн когийн айрашца Мисар-махкара дерриг а хиш лакъийна аса›. Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар хьуна ца хезна те? Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина, хІинца иза Аса кхочушдина, чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш, царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш. Цу гІаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тІе эхь деана. Арара буц я экам зІийдагаш санна бу уьш. Тхов тІехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш. Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а, араваьлча а, чуваьлча а. Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а. Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“. ХІара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхІу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хІух кхиъна долу ялта, иштта тІедогІучу шарахь ша тІедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгІачу шарахь ялта дІа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дІае, церан стоьмаш а баа. ЯхІудан цІийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. ХІунда аьлча Ярушалаймера схьабогІур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богІур бу шаьш кІелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан кІоргачу безамо кхочушдийр ду. Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гІали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гІалина тІе а вогІур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гІали чу вогІур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – Аса ларйийр ю хІара гІала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кІелхьар а йоккхур ю иза“». ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун. Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Оцу массо а дешнашка ла а доьгІна, Ахьаба шена тІера бедарш этІийра. Цо шена тІе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дІа а вуьжуш, чІогІа сингаттаме вара. ТІаккха паччахьан цІийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дІаяздеш волчу Асайпан кІанта Юахьис а, шайн тІехулара бедарш а этІийна, Хьузакх-ЯхІуна тІе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дІадийцира.
Выбор основного перевода