Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла». Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тІекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кІант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. Хьузакх-ЯхІус ЕшаІ-ЯхІуга хаьттира: «ХІун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгІачу дийнахь со Везачу Элан цІийне гІур ву аларан?» ЕшаІ-ЯхІус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хІара хир ю: лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?» «Хьайн Везачу Делера хьайна цхьа билгало еха. И билгало лаьтта бухара я лакхарчу стигалара хила мегаш ю». Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. ХІара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхІу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хІух кхиъна долу ялта, иштта тІедогІучу шарахь ша тІедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгІачу шарахь ялта дІа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дІае, церан стоьмаш а баа.
Выбор основного перевода