Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХІун кхаъ хир бу, и пІелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тІера юьхьІаьржо дІаяьккхинчунна? Мила ву хІара дин доцу, сунтваза волу пІелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?» Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». Шовзткъе итт тІемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхІуна тІе. Иза Эли-ЯхІуна тІевахара. Ткъа Эли-ЯхІу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхІуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга». Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“» Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга.
Выбор основного перевода