Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Іалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хІаллакдан а. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а, малх хьалагІоттучу меттера иза дІабузучу метте кхаччалц, Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама. Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац. Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хІуманаш.
Выбор основного перевода