Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
qac Чqac*ІогІа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа, Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со. Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хІусам дІатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах.
Выбор основного перевода