Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ткъа хІинца хІун ду Сан кхузахь? – хоьтту Везачу Эло. – Мах а ца луш, йийсаре дІадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угІуш бу, – боху Везачу Эло. – Дерриг а дийнахь Сан цІе емалъеш лаьтташ ю. Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хІуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Іийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург. Хьекъалх телхинчу нахана юкъахь хуьлу и къийсарш. Билггал бакъдолчунна гена бу уьш. Динах шайна цхьа са ер ю моьтту царна.
Выбор основного перевода