Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. Дела а, вайн Веза Эла волу Іийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргІато а совйолийла шун.
Выбор основного перевода