Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. Цундела оцу динан вежаршка дехар дан деза аьлла хийтира суна, уьш сол хьалха шу долчу дІа а баьхкина, аша хьалххехь ваІда а деш, лур ду аьлла совгІат цаьрга кечдайтархьама. Цу тайпана и совгІат, ницкъаца даьккхина а доцуш, ткъа шун-шайн лаамца делларг санна кийча хир ду. ХІунда аьлча, шуна ма-хаъара, тхо цкъа а дацара шу хестош я шуьгара тхайна пайда лоьхуш. Дела теш ву-кх!
Выбор основного перевода