Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Лаьтта тІера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоІарий а. Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Іаш вац, ур-атталла Шен маликашна тІехь а Цунна кхачамбацарш го. Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хІусам дІатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. Адаман ворхІалгІачу тІаьхьенах волчу ХІаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогІуш массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Іеса нах цара дина Іеса гІуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кІоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а». ПхоьалгІачу малико а лекхира турба. ТІаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Іинна тІебоьдучу некъан догІа. Бух боцучу Іинан малик цу цІазан паччахь дара. Іебархойн маттахь цуьнан цІе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хІаллакьхуьлуьйтург» бохург ду). Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра. Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико. ТІаккха суна гира лараме боцу а, цІеяхана хилла болу а белларш. Уьш Іаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТІаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тІе дІаяздина долчу адамийн гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.
Выбор основного перевода