Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гІенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хІуманаш довзийтахь, ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Іийсан мурдаш шайна тІаьхьа хІитторхьама. ХІунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догІмашца Делан сий делаш! Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. хІунда аьлча шуна уллохь хІилланца нисбелла цхьа Іеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дІаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Іийса, тІе ца оьцу цара. Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а. Цара бехира шуьга, тІаьхьарчу хенахь богІур бу шайн Іесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах. Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тІаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац.
Выбор основного перевода