Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догІучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду. Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тІера а ца довлуш, малар тІех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хІума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагІ а йоцуш. Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. ХІунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хІума яа сихло. ТІаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагІаро бахабо. Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьІаьржачу хІиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Іаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догІа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.
Выбор основного перевода