Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде. Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. Везачу Элан дуьхьа адамна тІехь урхалла дечу Іедална муьтІахь хилалаш: паччахьна, хІунда аьлча цуьнгахь лаккхара Іедал ду, Уггар хьалха шуна хаа деза, тІаьхьарчу деношкахь богІур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална. Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догІмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо.
Выбор основного перевода