Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дІакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тІаьхьахІоьттина халкъ а делира, и ши бІе шовзткъе итт стаг цІеро вагийча. Исраилан халкъана дІахьедаран билгало хилира царах. Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална.
Выбор основного перевода