Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Іаш болчу хенахь, Со дагавогІур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дІадовларна а, церан бІаьргашца цІушна тІаьхьахІиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хІуманаш а, шаьш мел дина дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дІахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дІадаьккхина. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХІаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац. Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хІинцца дІакъаьсташ берш дегІана там лохучу а, телхина долчу а хІуманашка марзбо цара. Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш.
Выбор основного перевода