Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ДогІа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгІат дийр ду а аьлла, иза цадар. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьІаьржачу хІиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Іаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догІа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу. Шайн эхьечу гІуллакхийн чопа тІеяьлла йолу хІордан буьрса тулгІенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Іаьржачу боданехь меттиг кечйина долу.
Выбор основного перевода