Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Церан дог ца лозу кхидолчу адамех, ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду. Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. Къайлаха нехан хІусамашна чуоьхурш а хир бу ишттачарна юкъахь. КІеда дог долу зударий кІелбуьтур бу цара цигахь. Къинойх а буьзна, шайн тайп-тайпанчу сийсазчу лаамашка шаьш лелабойтуш бу и зударий. Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. Цхьана а хІуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш. вуьш, цІергара схьа а бохуш, кІелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза.
Выбор основного перевода