Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Сарахь и ши малик Седам-гІала деара. ГІалин кевна йистехь хиина Іаш вара ЛутІа. Уьш шена гича, тІе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. «Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас. «ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо. Амма ЛутІас чІогІа дехарна, иза волчу хІусаме ван резахилира и шиъ. ЛутІас царна яа хІума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хІума йиира. Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!» ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со». Амма цІенна го бинчу Седам-гІалара божарша элира: «ДІавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хІокху тІевеана волчу стаге, хІара висинера вайна тІехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутІина тІегІоьртира неІ кагъян дагахь. ЛутІа волчу веанчу шина стага, дІакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неІ дІакъевлира. ТІаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бІаьрса дайира цара. ЧувогІу неІ лоьхуш, нах чІогІа гІелбеллера. Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо. ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду». Амма ЛутІа шина даггахь вара, хІоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутІех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоІ а, куьйгаш а лаьцна, гІалех араяьккхира. Иштта, хьоменаш, хІара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дІа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тІера ца дохийтархьама а.
Выбор основного перевода