Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Балакха БеІаран кІантана БалиІамна тІе шен геланчаш бахийтира, иза шена тІе схьакхайкха аьлла. БалиІам Іамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гІалахь Іаш вара. Балакха иштта дІаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хІара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дІахІоттийна. Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиІамна тІебахара, пал тасарна богІу мах а хьош. Балакха шайга дІаала аьлларг дІаэлира цара БалиІаме. Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш. Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хІума ду Сан. БалиІаман хьехамаш тІелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гІуллакхаш леладайта Іамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цІушна сагІина лерина еана хІума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хІума леладойтура исраилхошка.
Выбор основного перевода