Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хІунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. Нохьа а, цуьнан кІентий а, цуьнан зуда а, кІентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. Тешар хиларна, цу хенахь хІинца а ган йиш йоцуш долу хІума Дала шега хаийтича, Нохьас, Деле болчу ларамах вуьзна, хинкема дира, шен доьзал кІелхьарбаккхархьама. И тешар хиларна, цо дуьненна кхел йира, ткъа ша Делан лаамехь верг хилира: тешарехула Шена хьалха бакъвина хиларан тІаьхьало елла цунна Дала. Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгІна синош дара уьш. Дукха синош кІелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархІ стаг бен. Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина.
Выбор основного перевода