Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дІагІо вай, юха а паччахьалла дІахІоттор ду вай». Дерриг а адам Галгала дІадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дІа а хІоттийна, Делаца барт беш сагІанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чІогІа самукъаделира цу дийнахь. Шамъала шега ма-аллара, ворхІ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Іийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогІуш, хьевеллера. Цундела адамаш дІасаэха дуьйладелира.
Выбор основного перевода