Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара. Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тІе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира.
Выбор основного перевода