5
Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу.