Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира, тІаккха цо и лом, буьхьиг санна, этІийна, цистина, дІадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хІумма а ца элира. Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тІе. Цо, Ашкхилун цІе йолчу гІала а вахана, цигахь ткъе итт пІелаштамхо а вийна, царна тІера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хІетал-метал хиъначарна дІаелира. Цул тІаьхьа, чІогІа оьгІаз а вахана, иза шен ден цІа вахара. И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара. Делера долу жин Шаулна тІе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тІаккха Шаулан са паргІатдолура. Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тІе а Делан Са доьссира. Ша дІавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан. Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»
Выбор основного перевода