Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду. «Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» ТІаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тІе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тІаьхьа, неІ дІа а еллий, дІавада, сеца а ца соьцуш“». Иза, хьала а гІаьттина, цІа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тІе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тІехь. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Цкъа мацах, сурт хІотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гІо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
Выбор основного перевода