Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, жоп луш, элира: «Иза шуна хьалха дІавоьдуш ву. Сихлолаш, хІунда аьлча иза тахана кхуза веана, наха хьуьлла гу тІехь сагІа доккхуш долу дела. ЯхІунатас ГибаІ-гІалахь гІаролехь лаьтташ хилла йолу пІелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хІума пІелаштамхошна дІахиъна. Ткъа Шаула, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхадайтина: «Іебархошна хезийла!» – аьлла. Исраилан халкъана Шаула пІелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагІа хилла дІахІоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гІала схьагулделира. Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тІе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира. Ткъа хІинца схьавалавел суна тІе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаІах Везачу Элан куьг хьакхаделира.
Выбор основного перевода