Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Везачу Эло уьш болчу пайхамар вахийтира. Исраилан халкъе пайхамаро элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала шуьга боху: „Мисар-махкара шу арадаьхнарг Со ву. Лоллин цІа чуьра арадехира ас шу. Мисархойх шу паргІатдехира Ас, кхузахь шуна ницкъ беш болчу массеран карара кІелхьардехира. Шуна уллора уьш дІа а лаьхкина, церан латта шуна дІаделира Аса. Якъуб Мисар-махка дІавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дІабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхІаронний вахийтира шун дайшна гІо дан. ТІаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра.
Выбор основного перевода